биография мохьмад мамакаев на чеченском языке
Презентация на тему «Мохьмад Мамакаевн дахар а, кхолларалла а»
Ищем педагогов в команду «Инфоурок»
Описание презентации по отдельным слайдам:
Мохьмад Мамакаев (1910-1973) Гулдархуо: Бахарчиева С.М
● Мамакаев Мохьмад вина 1910 шеран 16 декабрехь Ачхой-Мартанехь, ахорхочун доьзаллехь. ● Шен ворх1 шо лолуш дех- ненах ваьлла. ● Асланбековски берийн (дет доме) дешна юьхьанцарчу школехь. ● Юккъера школа чекхъяькхина Соьлжа-г1алахь. ● 1930 – чу шарахь араяьлла дуьххьаралера поэтически сборник ● 1931-чу шарахь «Ч1ег1ардиг» ц1е йолу шолг1а сборник.
«Даймахке» Хьо муха буьйцур бу ас дашца? Вайн безам 1алашбан дош ма дац, Сайн безам ас дашца лелор бац; Дош дижна, сан безам тарло бац. Д1аалахь, дош мохо д1ахьур ду, Кехат т1ехь макхделла довр и ду. Х1ан-х1а, ас хьо дашца буьйцур бац. Ца дуьжчу дагна бен д1алур бац Наггахь, дог д1адижча цо шеца Д1аоьцу даимна безам а… Х1ан-х1а, ас хьо дашца буьйцур бац, Ца дуьжчу дагна бен д1алур бац!
Произведенеш «Ненаца дина къамел» «Т1улг1аша а дуьйцу» «Кемсийн хорха» «Зеламха» Революцин мурд» Кхийолу произведенеш а.
Сада1аран миноташ: «Х1етал металш» ● Къеначу стеган говр? ● Массо а меттехь оьшуш йолу х1ума? ● Буса доттаг1а, дийнахь тесна 1уьллу? ● Дуьненан т1ехь йоцу пхи х1ума? ● Чу вог1уш цхьаъ хилла, араволуш цхьаъ хилла. Чувоьдучо аьлла: «Х1ара г1ала хьена ю хаьий хьуна?» Вукхо жоп делла: «Х1ара-м сан ден яра, амма со цуьнан к1анта-м вац» Оцу хаттарна жоп делларг мила хилла?
«Кицанаш» Шен ненан сий лардечо – Даймехкан сий а лардийр ду. Воккачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла. Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац. Деца къамел ма де, нана юккъе лелае. Стеган мах ша хадийнарг бу. К1езахь 1еминарг, пхьарахь а ца дитина. Нахана хьекъийна цергаш шех яхна. Дика дош саг1а лерина, вон дош къа лерина. Стеган дагара матто схьадуьйцу.
Яздан волавелла шен 15-16 шо долчу хенахь.Шен ерриг стихаш дагахь хууш хилла, накъосташна хьалха еша лууш а, йоьшуш а хилла цо уьш.
«Ленинан некъ» газетан редактор волу Мохьмад лоцу 1937-чу шарахь. 1940-чу шеран апрелехь бакъво иза. 1941 шеран сентябрехь юха Гулагех яккха 5 шо хан туху цунна. Цигахь Мамакаевс 16 шо хан токху. Кхелхийна 1973 шарахь.
Шен ненан мотт халкъо сий ойбуш 1алашбахь. Цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц» М.Мамакаев
Курс повышения квалификации
Дистанционное обучение как современный формат преподавания
Курс повышения квалификации
Специфика преподавания предмета «Родной (русский) язык» с учетом реализации ФГОС НОО
Курс повышения квалификации
Скоростное чтение
Номер материала: ДБ-323774
Международная дистанционная олимпиада Осень 2021
Не нашли то что искали?
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.
Безлимитный доступ к занятиям с онлайн-репетиторами
Выгоднее, чем оплачивать каждое занятие отдельно
В России выбрали топ-10 вузов по работе со СМИ и контентом
Время чтения: 3 минуты
Минпросвещения будет стремиться к унификации школьных учебников в России
Время чтения: 1 минута
Путин попросил привлекать родителей к капремонту школ на всех этапах
Время чтения: 1 минута
В Пензенской области запустят проект по снижению административной нагрузки на учителей
Время чтения: 1 минута
Минобрнауки: вузы вправе вводить QR-коды для посещения корпусов
Время чтения: 2 минуты
На Госуслугах ввели запись детей на кружки и секции
Время чтения: 2 минуты
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
Презентация «Нохчийн яздархойн биографи»
Ищем педагогов в команду «Инфоурок»
Мамакаев Мохьмад Амаевич
Окуев Шима Хамидович
Бадуев Саид Сулейманович
Гайсултанов Умар Эдилсултанович
(1920-1980) Гайсултанов Iумар вина 1920 шарахь Шелахь ахархочун Эдалсолтин доьзалехь. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1936-чу шарахь, Грозненски рабфаке деша вахна Гайсултанов Iумар. Дика доьшуш чекхъяьккхина рабфак. Дукха хан ялале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелла. ТIаме а вахна Гайсултанов Iумар, 1941–1943 шерашкахь эскарехь хилла иза. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944-1957 шерашкахь, Киргизехь финансови органашкахь белхаш бина цо. 1958 шарахь дуьйна хаддаза Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь дешаран книгаш арахоьцучу отделехь лакхарчу редакторан болх беш вара.Гайсултанов Iумар яздан волавелла дIадаханчу бIешеран 40-га шераш юккъе даханчу хенахь. Гайсултанов Iумаран дуьххьарлера книга “Болат-ГIала йожар” араяьлла 1959 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Гайсултанов Iумар кхелхина 1980 шеран 1-чу февралехь Соьлжа-ГIалахь.
Саракаев Хьамзат Ибрагим-Бекович
Хамзат Саракаев вина 1927 шеран 31 декабрехь Веданахь. Нана Ӏедалс хӀаллак йинера. Иза хьалакхиош оьрсийн няня яра цуьна де вешин Азисан доьзалехь. Хьамзата дишира Веданан бо-беран интернатехь. Цуьна хьалхара байт араелира 1939 шарахь «Ленинан некъ» цӀе йолу республикан газетехь. 1940 шарахь цуьна байташ арахийцира «Вайн эшараш» цӀе йолу къона яздархойн коллективан гуламехь. 1957 шодуьна Саракаевн повестиш, дийцараш, байташ, гочдараш кӀест-кӀеста арайовлу республикан газеташкахь. Хьалхара цуьна произведенийн гулам «Первый подвиг» араелира 1972 шарахь Соьлжа-ГӀалахь.Цо нохчийн матта ехира Лев Толстойс язйина «Хаджи-Мурат» а, «Казаки» а, «Набег» а, кхийолу произведениш а.Цо болх бира Нохч-ГӀалгӀайн радион коьрта редактор. Иштта иза вара «Низам» а, «Вайнах» а журналашан а, «Терек» газетан а коьрта редактор а, арахецархо а. 2005 шо дуьйна 2013 шо кхаччалц цо болх бира «Вайнах» журналехь.
Рашидов Шаид Рашидович
Рашидов Шах1ид Нохчийн г1араваьлла яздархо ву. Рашидов Шах1ид
1940-чу шеран 15-чу ноябрехь вина Гуьмсан районерчу Энгель – эвлахь. Рашидов Шаид стихаш язъян волавелла 6-чу классехь доьшуш волуш. Дуьххьара нохчийн маттахь язъиина стихотворени Мамакаев Мохьмаде гайтира цо. Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворени зорбане елина 1958-чу шарахь. Безамах яра иза. Дуккха иллеш, эшарш ду цуьнан стихаш т1ехь язъйина. Дуьххьарлера д1а аьлла илли ду «Ломара зезаг». Шен хазчу озаца и илли д1аэлира Магомедов Султана. Дуккха а ладог1архошна дукха дезаш ду Шах1идан дешнаш т1ехь даьхна безамах долу иллеш. Царех ду «Илланча сох винарг», «Чов», «И туьтеш сийна», Дог дитна воьду со»…Рашидов Шах1ид кхелхина 2020 шарахь январеь.
Сулаев Мохьмад Абуевич
Гоьваьлла нохчийн яздархо а, байтанча а Сулаев Мохьмад вина 1920-чу шеран гезгмашин-беттан 20-чу дийнахь ГIойтIахь. 1941-чу шарахь Мохьмада чекхйоккху Бакура лоьрийн институт. Лоьралла а, яздархочун болх а цхьаьна дIакхийхьира цо. М.Сулаевс дуьххьарлера шен байташ язйира 1935-чу шарахь. Кхоллараллин хьалхара мур чекхболу 1943-чу шарахь «Малх тоьлур бу» поэма язъярца. 1958-чу шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу стихийн гулар араяларца дIаболало поэтан кхоллараллин керла мур. ХIетахь дуьйна цо арахоьцу поэзин, прозин дуккха а книгаш: «Велларг денвар», «Даймехкан зIаьнарш», «Товсолта ломара дIавоьду», «Дагчуьра суйнаш», «Бакъдерг», «Адамалла», «Сирла суьйре»… Поэтан кхалхар хилла 1992-чу шарахь.
Абдулаев Леча Шарипович
Мохьмад-Салахь Гадаев вина ГIуран-беттан 6-чу дийнахь, 1909-чу шарахь.
1928-чу шарахь иза Ростовехь рабфаке деша дIехIутту. 1930 шерашкахь иза Нохчийчохь историн а, меттан а, литературин а Iилман-талламан институтехь болхбан волало иза. Лермонтовн а, Толстойн а, Пушкинан а, Некрасовн а, Шевченкон а дийцарш нохчийн матта гочдо. Цу хенахь цуьнан ши киншка арайолу “Ши стаг”, “Буьйсанан дошло”, “Нус”, “Гуьржи”, “Акхалла”, “Хазман”, “Накъостий”, кхиерш а.1942-чу шарахь иза антисоветан агитаци лелорна а, национал-троцкистийн тобанан декъашхо хиларна а бехке а вой, пхийтта шарана набахти чувуллу. 1957-чу шарахь иза набахти чуьра араволу. 1957-чу шарахь иза Iедало юха а лоцу, нохчийн къам сийсаздина, яздорхо вийна, аьлла, бехке а во. Амма тоьпаш тоха дина таIзар хуьйцу, цуьнан метта 25 шо набахти чохь даккха хан туху цунна.1972-чу шарахь набахти чуьра ара а волий, Даймахка юхавогIу иза. Араваьлча, псевдонимах пайда а оьцуш, цо дийцарийн гуламаш язбо. 1972-чу шеран ГIуран-баттахь Мохьмад-Салахь кхелха.
Гацаев Саь1ид Асланбекович
Мамакаев Арби Шамсуддинович
Мамакаев Ӏаьрби вина 1918 шеран гIуран-беттан 2-чу дийнахь Лаха Ноьврехь. Мамакаев Ӏаьрби – нохчийн яздархо а, гочдархо а вара. Иза нохчийн литературан бухбиллархойх цхьаъ лору. Вуно жима волуш, да-нана доцуш байлахь висарна кхиира иза берийн цIахь. Цуьнан хьалхара байташ арахийцира 1934 шарахь. Хьалхара байтан гулам «Теркан тулгIенаш» араелира 1940-чу шарахь. Цуьнан уггаре гоьяьллачех цхьаъ ю цуьнан поэма «Аслага а, Селихат а». Вайнах цӀера бахарна дуьхьал ву аьлла, иза юха а чувоьллира. Т1аккха иза Магаданерчу Гулаге хьажийра. Магадехь хан йоккхуш, цо язйина цхьа а байт хууш яц. Набахтера арахецча, иза Казахстане вахара шен доьзалах дIакхетархьама. 1957 нохчашна цIа бахка бакъо елча, Нохчийчоь юхавийрзира Iаьрби. Цуьнан дукха халонаш дан дийзира шен дахаран оьмаран тIаьххьарчу шарахь. Ткъа иза велира шен доттагIчуьнан Абузар Айдамировн цIахь.
Сулейманов Ахьмад Сулейманович
Сулейманов Ахьмад вина 1922 шеран стигалкъекъачу-беттан 1-чу дийнахь Хьалха-Марта районан Олхазар-кIотарахь. Сибрехара цIа дирзинчул тIаьхьа цуо чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт. Цул тIаьхьа Ахьмада дуккха а шерашкахь хьехархочун а, директоран а болх бо Хьалха-МартантIера а, Олхазар-кIотара а ишколашкахь. Шен кхоллараллин болх А.Сулеймановс 30-чу шерийн чаккхенехь болийра. «Безаммий, шаьлтий» цIе йолу стихийн хьалхара гулар араяьлла 1967-чу шарахь. ХIетахь дуьйна шуьйра йовза йолало поэтан цIе. «Цхьа-ши дош» книга язъярна НохчГIалгIайн Пачхьалкхан совгIатан лауреат а хилира Сулейманов Ахьмадах. Ахьмадан дуккха а байташ иллешка, эшаршка йирзина, халкъана шуьйра евзаш а, езаш а ю. Кхин цхьаъ билгалдаккха деза: вайнахана йицъелла НохчГIалгIайн чохь лелла вайнехан топонимаш меттахIоттийра цо. Кхалхар нисделира цуьнан 1995-чу шеран мангал-беттан 20-чу дийнахь.
Хамидов Абдул-Хамид Хамидович
(1920-1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран гIадужубеттан 15-чу дийнахь. Иза нохчийн яздархойх тоьллачех ву. Цул сов иза актёр а, байтанча а, драматург а, гочдархо а, театран кхолларалийн белхахо а, Нохч-ГIалгIайн АССР-ан Хьалкъан артист (1959), Совет Пачхьалкхан яздархойн декъашко (1943), Нохч-ГIалгIайн яздархойн Бертан гIентда (1959-1961). Цуьнан дахаран некъ цIаьххьана хедира машенан бохамехь 1969-чу шеран товбеца-беттан 6-чу дийнахь.
Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович
Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг. Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. Цо заочно доьшуш чекхйоккху НохчГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени. 1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу
Айдамиров Абузар Абдулхакимович
Джамалханов Зайнди Джамалханович
Джамалханов Зайнди – поэт, хьехархо, 1илманча, публицист, фольклорист ву. Вина май беттан 9-чу дийнахь 1922-чу ш. Надтеречни районан Лаха-Неврехь. Школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа шен корматаллин болх д1аболийра «Путь социализма» ц1е йолчу газетан редакцехь, 1944 шо кхаччалц. 1957-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн 1илманан-талламан институтехь болх беш, нохчийн мотт хьоьхуш вара шеен юьртахь. Дуьххьара поэтан сборник «Сирла некъ» араяьлла 1959чу шарахь, т1аккха «Верность» (1964), «Дорогой счастья» (1981). Нохчийн халкъан дукха эшарш, иллеш, кицанаш, х1етал-металш, иштта турпалхойн иллеш ду цуо гулдина. Вайн халкъо дукха пайда оьцу цо язбинчу белхех. Иза кхелхина 2014-чу шарахь.
Берсанов Хож-Ахьмад Ахьмадович
Берсанов Хож-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьмадан доьзалехь. КIентан пхи шо кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра доьзалш. Махкахь коллективизаци кхочушъеш, колхозаш йохку мур хилла и. ТIехь да воцуш бисинчу доьзалх а хьакхаелла оцу заманан харцо. Кхеран долахь йолу бежан-хIума дIа а яьккхина, юьртахь юьллучу колхозе дIаелла. ЦIенош чу колхозан правлени яийтина. Гаттохало хиллехь а, нанас кога-ира хIиттийна бераш. Хожа-Ахьмада школа шайн юьртахь чекхъяьккхина. Цул тIаьхьа деша вахна Серноводскерчу юьртабахаман техникуме зооветеринаран корматаллин отделени. Дуккха а тIаьхьа заочно доьшуш чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан филологин факультет. Иза кхелхина 2018-чу шарахь.
![]() |
Дикаев Мохьмад Джунидович
Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн къоман композиторца Димаев Iумарца цхаьна пондар локхуш а хилла иза. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь Казахстанехь Чу станцехь Iийна ДикаевгIеран доьзал. Цигахь 1949 шарахь хьалхарчу классе деша вахна Мохьмад. Юккъера школа чекхъяьккхина Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь 1959 шарахь. Иза Соьлжа-ГIалара 18 школа яра. Оццу шарахь деша вахна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан историко-филологически факультете оьрсийн мотт, литературий, нохчийн мотт, литературий хьоьхучу отделени. ТIех дика доьшуш институт чекх а яьккхина, аспирантуре хIоьттина фольклорехула йолу Iилманан говзалла караерзо.Оцу институте хьехархочун балха дIа а эцна иза. Хаддаза цигахь болх бина цо студенташна литература хьоьхуш. Дикаев Мохьмад кхелхина 1979 шеран 29 октябрехь. Поэтана дуьненахь яккха елла хан еха ца хилла. Амма ша дуьненахь яьккхинчу кIеззигчу хенахь нохчийн литературехь кIеггина лар йита кхиъна Мохьмад.
Кибиев Мусбек Магомедович
Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан гIуллакхийн тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш бина хилла. Юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1961 шарахь Кибиев Мусбек деша воьду Москва, М. Горькийн цIарах йолчу литературни институте. Оцу институте кхоллараллин похIма дерг, исбаьхьаллин литературехь шен таронаш гайтинарг бен дIа ца оьцу. Кибиев Мусбек институте дIа а эцна, цо иза Iаламат дика доьшуш чекх а яьккхина. Кибиев Мусбекан дуьххьарлера книга араяьлла 1962 шарахь. Иза «Ши зама» цIе йолу стихийн гулар яра. ШолгIаниг, – «Наьрташ» цIе а йолуш, 1964 шарахь араяьлла. Кибиев Мусбек кхелхина 1997 шеран 16 ноябрехь ша винчу юьртахь Веданахь.
Сальмурзаев Мохьмад Сальмурзаевич
Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литературехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду.Нохчийн прозаик Сальмурзаев Мохьмад вина 1900 шарахь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Йоккхачу-АтагIахь ахархочун Сальмарзин доьзалехь. 19281930 шерашкахь «Серло» издательствон отделан куьйгалхочун болх бина Сальмурзаев Мохьмада. Халкъан барта кхолларалла гулъеш, дIаязъеш, барта произведенеш зорбане кечъеш гIуллакх а дина Сальмурзаев Мохьмада. Цо кеч а йина, арахецна халкъан барта произве-денинй книгаш: «Берийн туьранаш» – 1928 шарахь, «Нохчийн шира дийцарш» –1930 ша-рахь, «Берийн туьйранаш, хабарш» – 1930 шарахьДаймахка цIаверза дукха сатийсина хилла яздархо Сальмурзаев Мохьмад, аьтто а баьлла, цIа ван кечвеллачу меттехь кхелхина 1958 шеран 17 апрелехь Къилба-Казахстанан областерчу Белоусовка юьртахь.Сальмурзаев Мохьмад къоман литературехь дуьххьара прозехь яздинчарах ву. Нохчийн дийцаран жанр йолорхо ву иза.
Эдилов Хас-Мохьмад Эдилович
Поэт, прозаик Эдилов Хасмохьмад вина 1922-чу шеран 16-чу ноябрехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартан районерчу ВалартIехь ахархочун Эдалан доьзалехь.
Эдилов Хасмохьмада юьхьанца цIахь дешна. Эдилов Хасмохьмад яздан волавелла 1937-чу шарахь, хьехархойн училищехь доьшуш волчу хенахь. Амма шина-кхаа шарахь а шен стихотворенеш зорбане ца елла цо, уьш ледара хеташ. Дуьххьара цуьнан стихотворени зорбанехь араяьлла 1939-чу шарахь.
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, Нохчийчоьнан яздархоша арахийцира “Фашисташна дуьхьал стихаш” цIе йолу книга. Оцу книги тIехь кхечу поэтийн стихотворенешца цхьаьна зорба тоьхна яра Эдилов Хасмохьмадан масех стихотворени а. Эдилов Хасмохьмадан дуьххьарлера стихотворенийн книга араяьлла 1958-чу шарахь. Доккха гIуллакх дина Эдилов Хасмохьмада кхечу къаьмнийн литературин произведенеш нохчийн матте йохуш а. Цо гочйина луларчу къаьмнийн а, ойрсийн поэтийн стихаш. Нохчийн матте яьккхина М. Ю. Лермонтовн «Измаил-Бей» цIе йолу поэма, дуккха а кхийолу цуьнан стихотворенеш а.Эдилов Хасмохьмад кхелхина 1991-чу шеран 11-чу ноябрехь Соьлжа-ГIалахь.
Ошаев Халид Дудаевич
Ошаев Халид вина 1897 шеран 1-чу январехь Йоккха-АтагIана гена йоццуш хиллачу Чахкара-ГIалахь хьуьнан белхахочун Дудин доьзалехь. Шен 11 шо долуш Соьлжа-ГIаларчу реальни училище деша вахна Халид. Советан Iедал дIахIоьттинчул тIаьхьа Ошаев Халид пачхьалкхан жоьпаллин белхашка хIиттаво. Ошаев Халида доккха гIуллакх дина Нохчийчохь школаш схьаеллар, хьехархой кечбар, дешархошна оьшуш йолу нохчийн меттан учебникаш, кхийолу дешаран книгаш язъяр, уьш зорбанехь арахецар вовшахтухуш. Дуккха а Iилманан статьяш язйина цо вайнехан фольклорах, маттах, литературих лаьцна. Царах ю нохчийн маттах лаьцна: «К вопросу о рудиментарных классных показателях в чеченском и ингушском зыках», «О частицах отрицания в чеченском языке», «Для этимологии слов «Жайна» и «Дешар» в чеченском языке»; фольклорах, литературих, этнографих лаьцна: «Фольклорные заметки», «К истории чечено-ингушского эпоса», «Мотивы дружбы народов в чечено-ингушских героических песнях», «О чеченском фольклоре», «К истории возникновения историко-героических песен». Ошаев Халид кхелхина 1977 шеран 3 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь.
Музаев Нурдин Джамалдинович
Музаев Нурдин Джамалдинович — поэт, прозаик, драматург вина 1913 шеран 15 октябрехь Шелан районерчу БелгIатой-эвлахь ахархочун Джамалдинан доьзалехь. Шайн юьртахь дIадахана хинволчу яздархочун бералла. Жимчохь кIанта дукха ладийгIина денанас Бецис шена дуьйцуш хиллачу туьйранашка. Музаев Нурдин 1929-чу шарахь Грозненски рабфаке деша вахна. Кхузахь цунна езаелира оьрсийн литература, лерина йоьшура оьрсийн классикийн а, шен хенахьлерчу яздархойн а произведенеш. Драматургехь а болх бан волало Музаев Нурдин. 1936-чу шарахь арайолу Музаев Нурдинан «Сан некъ» цIе йолу стихийн керла сборник. Оцу муьрехь язйина цо «Ирзехь» цIе йолу поэма а. 1957 шарахь Казахстанехь араяьлла Музаев Нурдинан «Замза» повесть а, «Селима дуьйцу» цIе йолу йоккха поэма а. Музаев Нурдинан произведенешка тайп-тайпана хьежамаш бара критикин а, ешархойн а, амма шеко йоцуш цхьаъ ду, нохчийн литературехь массо а жанрашкахь язйина дуккха а прпоизведенеш йитина яздархочо. Музаев Нурдин кхелхина 1983 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан кхоллараллин некъ къоман литература, исбаьхьаллин культура кхиарца цхьаьна беана.
Арсанов Саид_бей Арсанбекович
Арсанов СаьIид-Бей вина 1889-чу шеран 2-чу октябрехь Нохчийчохь, Жимачу АтагIахь,ахархочун Арсанбекан доьзалехь. Арсанов СаьIид-Бейс белхаш бина тайп-тайпанчу серлонан, бахаман партийни учрежденешкахь. Доккха гIуллакх дина цо Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь. Нохчийн дуьххьарлера газета арахецаран гIуллакх тIедиллина Арсанов СаьIид-Бейна. 1923-чу шеран 23-чу апрелехь, Арсанов СаьIид-Бей редактор а волуш, араелира «Советская автономная Чечня» газетан дуьххьарлера номер. ТIаьхьо Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш арайийлина «Красная новь», «Народный учитель» цIерш йолчу журналаш тIехь а. Арсанов СаьIид-Бейн цIарца дозаделла ду къоман литературехъ романан жанр кхоллаялар. 1930-чу шарахь «Революция и горец» журналан кхаа номерехь зорбатуьйхира яздархочуьнан йоккхачу эпически произведенин дакъош. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча нохчийн маттахь «Ши тIаьхье» цIе а йолуш араелира и роман. 1930-чу шарахь зорбанехь араяьлла Бадуев СаьIидан «ПетIамат» цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман а.Цунна кIорггера евзара нохчийн фольклор. Мехала хазна йиллина цо дукхакъаьмнийн литературина юкъа. Арсанов СаьIид-Бейн дахаран некъ хедира 1968-чу шеран 12 июлехь.
Бексултанов Муса Эльмурзаевич
Бексултанов Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо). Тахана болхбеш ву «СтелаIад» берийн журналехь коьрта редактор.
Кагерманов Докка Денисолтович
Кагерманов Докка вина 1933-чу шеран 9 июлехь Хьалха-Мартанан к1оштарчу Г1ойт1ахь, г1уллакххочун Денисолтин доьзалехь. Бурсакан Денисолтас тайп-тайпанчу пачхьалкхан даржашкахь белхаш бина. Кагерманов Доккин дуьххьарлера произведени зорбатоьхна 1955 шарахь Алма-Атахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета т1ехь. Иза яра «Казахстанерчу доттаг1чунна» ц1е йолу стихотворени. Кагерманов Доккин стихаш т1ехь эшарш а, иллеш а даьхна. Царах ду Дагаев Валида д1аолу «Сан Кавказ» ц1е йолу илли а. Нохчийн Республикин яздархойн Союзан правленис а, Россин журналистийн Союзо а Кагерманов Докка 80 шо кхачарца декъалвеш, яздинера: «Хьайн халкъан вон а, дика а доькъуш, айхьа дуьненахь йоккхучу хенахь цуьнан тешаме во1 хилла схьавеана хьо, Докка. Дала аьтто бойла хьан дахарехь а, кхоллараллехь а. Дуккха а шерашкахь вехийла хьо. Ийман а, беркат а шортта лаьттийла хьан х1усамехь!». Оцу тайпана дешнашца чекхдаккха мегар ду Кагерманов Доккех лаьцна яздинарг.
Муса Ахмадов вина 1956-чу шеран 28-чу январехь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Цул тIаьхьа хьехархочун болх бина, книжни издательствон редактор, «СтелаӀад» журналан коьрта редактор, «Орга» ц1е йолчу литературни исбаьхьаллин журналан коьрта редактор, оьздангаллин Министерствон методически центран отделан куьйгалхо, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархо. 2000 шарера дуьйна 2002-чу шаре кхаччалц «Дуьненан лоьраш» аьлла Францера организацехь этнопсихологан болх бина. 2004-чу шарера дуьйна тахханалц «Вайнах» цIe йолчу литературни исбаьхьаллин журналан коьрта редактор ву иза.Цо язйина «Берзлой» ц1е йолу пьеса, арахецна Парижехь 2002-чу шарахь французин маттахь. Оцу пьесица театрехь «Дом восточно-европейской пьесы» спектакль х1оттийна 2005-чу шарахь.Вузашна а, школашна а лерина цо язйина нохчийн меттан, нохчийн г1иллакх-оьздангаллин методически пособиш а, дешаран программаш а.Цо язйина говзарш арахецна оьрсийн а, балкхарийн а, французийн а, японийн а, немцойн а меттанашкахь.
Нунуев Сайд-Хьамзат Махмудович
Нунуев Сайд-Хьамзат Махмудович вина 1952-чу шарахь Казахстанехь Голубиновка — олучу юьртахь. Шен дай баьхначу махка цӀа вирзинчул тӀаьхьа, дешна МахкатӀерчу юккъерчу школехь. 1968-чу шарахь Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультете деша воьду. И чекхъяьккхинчул тӀаьхьа доьшу Орджонокидзе-гӀаларчу юьртбахаман институтан экономикин факультетехь. Белхаш бина школехь, партийни органашкахь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н Лакхарчу Советан, Российн халкъан депутат лаьттина. ТӀаьхьарчу хенахь жигара дакъалаьцна тайптайпанчу юкъараллин-политикин, культурин организацийн балхахь.Школехь доьшуш волуш дуьйна а вара Сайд-Хьамзат литературица уьйр-марзо йолуш. 1983-чу шарахь арайолу яздархочун дуьххьарлера книга — «Малха тӀехь хьоькхнаш» цӀе йолу дийцарийн гулар. Цул тӀаьхьа цо арахецна масех книга: «Даймехкан мукъамаш», «Гезгамаша», «Йилбазан оьмар», кхин а. Прозехь бина ца Ӏаш, Нунуев Сайд-Хьамзата болх бо драматургехь а. Нохчийн къоман театрехь кхиамца хӀиттийна цуьнан пьесаш: «Лулахой», «Дела воцург, накъост воцуш».Цул совнаха, Нунуев Сайд-Хьамзата къахьегна нохчийн къоман хилларг, цуьнан истори толлуш, оцу декъехь масийтта киншка арахеца а ларийна иза. Яздархо, публицист, историк волу Нунуев СайдХьамзат шен кхолларалло зазадаккхаран муьре кхаьчна.
Айсханов Шамсуддин Катаевич


































